Префектура

1УЬЙРА ЛАМАЗ ЖАМ1АТЕХЬ ДАРЕХЬ БОЛУ 10 ПАЙДА

Бисмиллах1иррохьманиррохьим

 

Хастам бу, Шен лешна, муъмин нахана, фарз дина ламаз т1едиллинчу Аллах1на. Делера салам-салават хуьлийла и ламаз дар хьоьхуш, марздеш, Дала халкъашлахь вазвина ваийтинчу Мухьаммад-пайхамарна, цуьнан ох1ланна, асхьабашна, царна т1 аьхьабаьзначарна.

 

Ламаз уггар деза 1ибадат лоруш ду бусалба динехь. Элчано (Делера салам-салават хуьлийла цунна) аьлла: «Массо х1уманан корта Ислам дин ду. Цуьнан б1ог1ам ламаз ду, Делан некъахь джих1ад дар цуьнан бух бу». (Тирмизис Ma1аз ибн Джабалера далийна хьадис).

 

Дала уггар хьалха т1едиллина 1ибадат ду ламаз. Дала боху: «Аш ларде ламазаш, юккъера ламаз а (шен-шен хенахь д1ах1иттош), шу д1ах1итта Аллах1-Далла дуьхьал кхоьруш (хьасталуш)». Сийлахь-Лекхачу Аллах1а Мухьаммад-пайхамар (Делера салам-салават хуьлийла цуьнга) ворх стигланал лакха ваьккхина, Джабраил-маликал Шена герга вигна, омра дина цуьнга, ламаз де аьлла. Ламазна т1ера долалур ду адаман 1амалийн хьесапдар. Элчано (Делера салам-салават хуьлийла цунна) аьлла:«Къематдийнахь адаман 1амалех хьалха хьесап дийр дерг ламаз ду. И нийса хилахь, йисина 1амалш нийса хир ю, гал хилахь, йисина 1амалш гал хир ю». (Т1абранис далийна хьадис). Делан фарзаш кхочушдарца ял, мела хуьлу адамашна. Къаьсттина лакхара бу жам1атехь 1уьйра ламаз дарца хуьлуш болу мела а, пайда а. Цуьнан дозалла Далла бен хуур дац, амма жам1атсхь 1уьйра ламаз дарца вайна билгалбаьлла болу 10 пайда буьйцур бу вай лахахь.

 

1. Делан 1уналлина к1ел вахар.

 

1абдуллах1ан к1анта Жундуба (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «1уьйра ламаз (жам1атехь) динарг милла велахь а, иза Аллах1-Делан 1уналлин к1елахь (Дала 1алашвеш) ву. Иаккха Аллах1-Дала шу лаххане ма лохийла, аш Делан 1уналлех воккхуш долу х1ума дарца. Шен 1уналлин к1елахь волуш, Шен ч1аг1о йохор бахьана долуш Аллах1-Дала лехнарг милла велахь а, Иза т1екхуьур ву цунна, т1аккха Цо иза (юьхьа т1ехь текхош) жоьжахатин ц1ерга кхуссур ву.

 

  1. 2. Буьйса 1ибадатца денъяран мела

 

1аффанан к1анта 1усмана дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Пхьуьйра ламаз жам1атца динарг милла велахь а, баккъалла, иза ахбуьйса 1ибадатца денйинарг санна ву. 1уьйра ламаз жам1атца динарг милла велахь а, ерриге буьйса 1ибадат деш денйинарг санна ву иза».

 

  1. 3.Мунепакъаллах  ц1анвалар

 

Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Цхьа а ламаз дац мунепакъ нахана 1уьйра ламазал а, пхьуьйра ламазал а хала а долуш; оцу шина ламазца дерг (цу шиннан дозалла) царна хиъча, и ши ламаз жам1атехь дан rlyp ма бара уьш, текхаш бахана а. Суна дагадеара, моллалла кхойкхуш волчуьнга ламаз д1ах1оттаде, аьлла омра дан, т1аккха ц1еран алу схьа а эцна, ламазе ца баьхкинчарна ц1ейилла».

 

  1. 4.Къематдийнахь кхоччуш нур хилар

 

Бурайдата дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Найхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Боданашкахь маьждиге боьлхучу нахе (къематдийнахь кхоччуш нур хиларца) кхаъ баккхалахь».

 

  1. 5.Маликаша тоьшалла дар а, Далла гергахь уьш хастабар а Абу Х1урайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Буьйсанан, дийнан маликаш цхьаьна гулло 1уьйра ламазехь». Т1аккха элира Абу X1урайрата (Дела реза хуьлда цунна):«Шайна лаахь, аш деша Делан дош: «1уьйра ламаз де ахь; баккъалла, 1уьйра ламазехь доьшучу Къур1анна маликаша тоьшалла до».
  2. 6.

 

Маликан к1анта Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «1уьйра ламаз жам1атца дина, т1аккха малх схьакхетталц Аллах1-Дела хьехо охьахиъна 1ийна, цул т1аьхьа ширака1ат суннат ламаз динчунна — хьаж, 1умрат динчунна йолччул ял хир ю». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Кхоччуш, кхоччуш, кхоччуш».

 

  1. 7.Дуьненан х1онсаш шега кхочур йоцуш х1онс хилар Хатт1абан к1анта 1умара (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, баккъалла, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла:«Эскар дахийтира Нажд латта долчу arlop, т1аккха цара х1онс яьккхира дуккха. Юхабирзина, ц1а баьхкира уьш сихха. Цаьрца вахана воцчу цхьана стага элира т1аккха: «Х1окху эскаршна юккъехь вайна гина ма дац эскар, оццул сиха духадирзина, оццул дукха х1онс яьккхина». Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, ша шу цхьана къомана т1енисдай, еза йолу х1онс йолуш шу духадоьрзур долчу? И къам ду, 1уьйра ламазе бахана, т1аккха охьа а хевшина, шайна т1е малх схьакхетталц Аллах1-Дела хьехош laш берш. Уьш бу сихха бухабирзина берш, дуккха х1онс яьккхинарш». «Жоьжахати чу г1yp вац, малх схьакхетале ламаз ша динарг, малх чубузале (малхбуза) ламаз ша динарг». Абу Мусас Аш1арис (Дела реза хуьлда цунна) дийт баккъалла, Делан Элчано (Делера салам-маршалла xублда цунна) элира, аьлла: «1уьйра ламаз а, малхбуза ламаз а динарг милла велахь а, ялсамане чу вахана».
  2. 8.1уьйра ламазаи суннатан пайда

 

1айшата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «1уьйра ламазал хьалхара ши рака1ат суниат ламаз дика ду х1окху дуьненал, х1окху дуьненахь долчу х1уманал».

 

  1. 9.Жоьжахатих хьалхавалар, ялсамане чу вахар кхаъ хилар.

 

Рувайбатан к1анта 1умарата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, шена хезира Делан Элчано (Дел салам-марталла хуьлда цунна) олуш, аьлла: «Жоьжахати гlyp вац цхьа а, малх схьакхетале ламаз ша динарг, малх чубузале (малхбуза) ламаз ша динарг».

 

Абу Мусас Аш1арис (Дела реза хуьлда цунна) дийцина баккъалла, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуь цунна) элира, аьлла: «1уьйра ламаз а, малхбуза ламаз динарг милла велахь а, ялсамане чу вахапа».

 

10. Къематдийнахь Дела гарца толамехь хилар Иза уггар деза х1ума ду. 1абдуллах1 Бажарин к1антаЖaрира (Дела реза хуьлда цунна) элира: «Тхо дара Делан Элча (Де! салам-маршалла хуьлда цунна) волчохь хевшина 1аш Екхначу буьйсанан батте а хьаьжиа, цо элира: «Ас боху шуьга, шуна шайн Дела гур ву шуна, и гут болу бутт caнна: И гарца шуна зен хир дац шуна, шайн ницкъ ма-кхоччу, мало, наб, ледарло шайл ца толуьйтуш, 1уьйра, малхбуза ламазаш делаш». Т1аккха Жарира (Дела реза хуьлда цунна) дийшира Къуръанан аят: «Хьайн Дела хаставе малх кхетале а, иза чубузале а».

 

Бусалба стага дицдан мегар дац, ламаз дарца ша xlора дийнахь пхоьазза Далла дуьхьал х1уттуш хилар. Ламазана юкьадог1у стага Далла хастам бар, Цуьнга дехар, Иза вазвар, Элчанна (Делера салам-салават хуьлийла цунна) салават диллар. Цундела xlopa бусалба стаг (зуда) ламаз лерина, ц1ена лело дезаш ву. Элчано (Делера салам-салават хуьлийла цунна) аьлла: «Баккъал, Лекха-Сийлахь Аллах1 аш 1амал ц1ена, дика яр дукхадезаш ву».

 

Везчу Дала Шен дуьхьа йина 1амалш къобалйинчарах дойла вай. Дала къинхетам бойла бусалба нахах. Хастам Аллах1на.

 

                                         Хьехам кечбина Хийтанаев Мохьмада,

 

                                                   А-Хь.Кадыровы ц1арахчу хаамийн, зорбанан.

 

                                                             «Некъ» ц1е йолчу Кхерчан зорбанап декъ хьаькама.

Вам так же может понравиться